ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БатIалхьажошна дуьхьал бу ницкъахой: ГIалгIайчохь йуха а талламаш болийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчохь йуха а талламаш беш, нах лоьцуш керла тулгӀе йолийна, батIалхьажойн "латаран тIам" вирдан гIуллакхаш толлуш. Оьрсийчоьнан низамхоша оцу тобан декъашхой даккхийчу зуламашца бузу, шайна йукъахь 2024-чу шеран зазадокху-баттахь Москвара "Крокус Сити Холлехь" 145 стаг а вуьйш, дина теракт а лоруш. БатIалхьажошна бехкашдахкар а, вирдан векалшна цу тIехула хетарг а къастон гIоьртира редакцин корреспондент.

"БатIалхьажойн латаран тIам"?

Мангал-баттахь масех телеграм-канало хаамбира ГIалгIайчохь йуха а талламаш бира "Крокус Сити Холлехь" динчу терактан гIуллакхехула аьлла. Хьалхо лецначу батIалхьажоша даредина бохура тIемалошна конспирацин петаршца гIо динчу шайн вирдан векалшна.

Хетарехь, буьйцурш бара Аушев Джабраил, Алиев Хаваж-Багаудин, Кулаев Батыр, иштта терактехь дакъалаьцна аьлла бехкевен Медов Хьусейн а. Дагадоуьйту, лецначара хиллачунна шаьш бехке дац бохура, амма ца бохура бакъо йоцуш герз шаьш лелийна дац. Цара дийцарехь, царна хууш ца хилла, шаьш Таиландера дохка аьлла деана герз муха, стенгахь шаьш лелор ду.

Герзашца ницкъахой баьхкинера ЭстамировгIеран неIаре: хIусамда Хьамзат волчу а, ишта Эстамиров ИбрахIим, Абу волчу а, Хачубаров Микаил волчу а, Албогачиев Iабдул-Мажитан керта а. Террорхойн организацин декъашхошна ахча латторах лаьцна хеттарш дан дIавигира цхьа Эстамиров Хьамзат.

Республикера кхерамазаллин ницкъашца йоьзна йолчу "Розыск Ингушетия" телеграм-каналана хетарехь, ницкъахойн бIаьрг тIехIоьттинчух тера ду, тоххара лецначу "вирдан тIоман" декъашхоша "петаршца а, ахчанца а, кхечу гIирсашца а гIо дина" бохучу нахана.

Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах берш террорхойн йукъараллийн тептаре йазбира лурчаха чиллан-баттахь. Оцу дийнахь дуьйна, шаьш царах ду бохучарна, йа царна гIо динчарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даха таро йу Оьрсийчоьнан терроран артиклашкахула.

Шен цIе къайла а хьош, тхан редакцица къамел динчу вирдан векало бахарехь, иза а, цуьнан накъост а хууш вац, "латаран тIам" хьан билгалбоккхуш бу, иза цу йукъараллехь цкъа а хилла а ца хилча. Амма цо бохура, оьшуш хьал хилахь, шейхан БелхороевгIеран доьзалан агIор цхьаммо омра тIедожадахь, тарикъатан муьлхха а декъашхо цу йукъахь хила йиш йолуш ву.

Москвара этнографо, цуьнан цIе а ца йоккху оха кхерамзалла Iалашъйеш, бохура батIалхьажойн къастийна оцу тайпа тIеман дакъа хилар шеконе хета шена. Эксперто а бохура, мурдех дукхахберш хIуъа а дийр долуш хиларх, шейхан доьзална гIортор йеш. Цаьргахула дIакхачош ду аьлла лору тайпа (силсил) суфийн тарикъаташкахь шейхера шейхе а луш.

"Ӏаламат мехала ду, цхьаццаболчу нехан билггал долчу гӀуллакхех къастош хилар, доллу вирд жоьпалле ца озош. БатIалхьажой терроризмца бозар - иза стигматизацин кеп йу, цо гIо ца до экстремизмца къийсам латторехь, мелхо а, дIа а къесташ, дискриминаци а лелош гIо до", - билгалдаьккхира этнографо.

Билгалдаккхар: батIалхьажой – ГIалгIайчуьра динан тоба йу, цуьнан декъашхоша шаьш лору XIX–XX –чу бIешерашкахь ваьхначу суфийн шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхье. ГIалгIайчуьра уггар дош лелачу а, уггар къевлинчу а тобанех йу иза, батIалхьажойн вежараллина йукъахь 20 эзар гергга стаг ву. БатIалхьажо хила йиш йу дуьненчу воллучу хенахь, ткъа оцу тобана йукъара ваьлларг тоххара вуьйш Iедал дара. 20I9-гIа шо кхаччалц регионехь дош лелара батIалхьажойн, дуьйцура хIетахь мехкан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца церан уьйраш йу бохуш а, регионан социалан-политикан структури йукъа бахка уьш кийча а бу бохуш. Оцу йукъанна вежараллин декъашхой бехкебо республикехь даккхийчу зуламашна.

Махкарчу МВД-н бекхамбар

Ницкъахойн версица а догIуш, "латаран тIоман" векалш боьзна бу тIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчохь хиллачу гIовгIанечу гIуллакхашца: "Крокус Сити Холлехь" хиллачу терактаца а, 2024-чу шарахь инарла Кириллов Игорь а, цуьнан гIоьнча а верца, 2009-чу шарахь "Неван экспресс" эккхийтарца а. ХIетахь 28 стаг вийра, лазийра 132.

БатIалхьажошна тӀехь гӀело йан йолийра 2019-чу шарахь Москвахь ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмца къийсам латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехӀим герз тоьхна, вийна дукха хан йалале. Цул а хьалха вийра батIалхьажойн йукъараллин хьалханчех хилла Белхороев ИбрахIим, шейхан БатIал-Хьаьжин кIентан кIентан кIант вара иза. Йукъараллин декъашхой тешна бара, цу зуламна тIехьа лаьттинарг Эльджаркиев ша ву аьлла. ТӀаьхьо вирдан декъашхойх цхьаммо Картоев Къурейша мукӀарло дира, ша кхерамазаллин белхахо вийна чIир йоькхуш аьлла, цул тӀаьхьа иза дуьненаюкъарчу лехамашка велира. ТӀечӀагӀбазчу хаамашца, иза лечкъина хила тарло Туркойчохь.

Вирдан вежаршна тIаьхьабийлар шуьйра даьржина ду, масала, Магаданан кӀоштарчу Сусуманехь деши доккхучу меттигна герзаца тӀелатар дарна бехке а вина, лаьцна ГӀалгӀайчоьнан виъ вахархо. Талламан комитетан версица, уьш берриш а "батIалхьажойн латаран тIоман" декъашхой хилла бохуш дуьйцу.

2024-чу шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира, керла бехктакхаман гӀуллакх кхайкхийна батIалхьажойн хьалханчана Белхороев Якъубана дуьхьал аьлла. Йахначу заманахь гӀалгӀайн парламентан декъашхо вара иза, Магасан куьйгалхочун даржехь а хилла, меттигерчу социалан страхован фондан куьйгалхо вара иза хIетахь. 2022-чу шарахь заьӀапхочунна луш долчу пособешца бозбуунчаллаш лелорна бехке а вина, исс шо хан туьйхира цунна. Ткъа хӀинца йуха а кхел йеш йу цунна, ахчанаш дайъар, лечкъор аьллачу артиклца: страхованин ахчанаш хIиттош хилла цо шен гергарчу нахана.

2024-чу шеран зазадокху-баттахь республикехь лаьцнера ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо Бойчук Сергей а, Магасан кӀоштан кхелан куйьгалхо хилла Аушев Мохьмад а. Уьш бехкебира, кхаьънаш а оьцуш, батIалхьажошкахьа озабезамашашца кхелан сацамаш барна.

Стохка марсхьокху-баттахь ГӀалгӀайчохь батIалхьажойн вирдера бу бохучу нехан хӀусамашкахь талламаш бечу хенахь гранатомет карийра. Оьрсийчохь цхьа могӀа бехктакхаман гӀуллакхаш дуьхьал айдинчу, динан гӀуллакххочун Белхароев БатӀал-Хьаьжин тӀаьхьенах волчу Белхароев Ильясан вашас дӀахьедира, и герз ницкъахоша шайна тесна дара аьлла.

2025-чу шеран чиллан-баттахь Суьдхойн Лакхарчу квалификацин коллегин шеконаш хиллера ГӀалгӀайчоьнан Наьсаран кӀоштан кхелан суьдхочух Ярыжев Алиханах, 2022-чу шарахь батIалхьажойн вирдера цхьан стагана "тӀех кӀеда" таӀзар дарна.

Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а адвокатийн коллегийн декъашхойх Табуев Сергейх а, Боков Исрапилах а шеконаш хилира, ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо хиллачу Бойчук Сергейна кхаьънаш делла аьлла. ТӀаьххьарниг бехкево къайлахчу сервисаша батIалхьажошна пайдехьа сацамаш тӀеэцарна.

Ницкъахой тешна бу, иттаннаш шерашкахь ГӀалгӀайчоьнан элиташка а, кхелашка а, ницкъаллийн структурашка а, бизнесе а баьхкина хиларх вирдан векалш. Вирдан декъашхоша, дийцарехь, шайн йукъарчу бохче ахчанаш гулдо, и бахьана долуш аьтто хуьлу церан шайн карахь йаккхий ресурсаш гулйан. Бехкзуламан гIуллакхех кIелхьарадовла оцу ахчанах оьцу цара хьаькамаш, ницкъахой, суьдхой.

Оцу йукъанна редакцино къамелаш динчу батIалхьажоша тӀечӀагӀдо иштта ахчанаш шаьш гулдеш хилар, амма, бохура цара, и ахча вирдан декъашхойн хьашташна хьажадо шаьш аьлла, масала, зуда йалош, цIенош деш, йа стаг велча.

"Кхераме йукъаралла йу"?

2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къамел дира батIалхьажошна гӀортор йеш, уьш лоьцуш, церан хIусамех хьийса буьйлабеллачу йукъанна. Кадыровна хетарехь, бехк боцу нах а бу лецначарна йукъахь. "Нагахь санна уьш террорхой белахь, тӀаккха со номер I йолу террорхо ву", - бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийн куьйгалхочун инициативица 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчохь вовшахтуьйхира, дуьззина кечдина батIалхьажойн сиха Iалашонаш кхочушъйен дакъа (доцца аьлча БОБР). Шакъаьстина дакъа санна "Ахмат" спецназа йукъатуьйхира иза.

Йуьхьанца батIалхьажой тешна бара, Кадыров йукъагIоьртинехь шайн гIуллакхаш дика хир ду моьттуш. Амма царна хетарг ца нисделира, цуьнан тоьшалла дира цул тIаьхьа хиллачу лецарша а, талламаша а, вирдана бечу Iаткъамо а.

Вирдан вешина Картоев Исламна хетарехь, Эстемиров Хьамзат волчахь тIаьххьара хилла таллам маьIне бац, хIунда аьлча, батIалхьажойн лакхарчу эшелонера стаг вац иза.

"ХIаъ, Хьамзат – бизнесхо ву, амма цо цхьана а хIуманан куьйгалла деш дац вирдехь. Цуьнан авторитет йу, цо бизнес лелор толлучу лахарчу зIенан декъехь болчарлахь", - бохура Картоевс.

Цунна хетарехь, "батIалхьажойн латаран тIомах" дуьйцучу заманчохь, тидаме эца догӀу, муьлхха а омра идеологин бух тӀехь кхочушдан, аьлча а, ахчанна а доцуш, иза дан кийча берш гуттара а хуьлуш хилар. Оцу некъана тӀе а тевжаш, ала мегар ду, вирда йукъахь шайна новкъарло йеш волчунна тохар дан ницкъ болуш нах бу аьлла.

"Тоаме ду, вайна деза хетачу, вайн гIуллакхан, вайн сектин мостагI ву алахь. Шейхан репутаци Iалашйархьама зулам дан милла а гIоттур ву. Ишта даим а цхьаъ карор ву сектин "мостагIчунна" ахчанах тохар дан кийча верг а. Кхераме йукъаралла йу и. 20 эзар сектин декъашхо а волуш, церан Iойла дац йукъараллехь Ӏедалан луьра вертикаль йоцуш. Меттигера а Iедал караIамийна цара. Ша ду, федералан хьаькамаш шайна тIеберзо церан ницкъ ца кхачар. Пачхьалкх оцу структурица ларор йу аьлла, суна ца хета", - тешна ву вирдехь лаьттина Ислам.

  • Хьалхо Картоев Ислама дийцира тхан редакцига, батIалхьажошлахь баккхий бизнесхой а, индустрин куьйгалхой а бу, цара ахчанаш дохку, ишта бакъонашларйаран органашца нисделла хеттарш листа а, бехкзуламан гIуллакхаш дIакъовлийта а бохуш.
  • Редакцино хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху, Къмлбаседа Кавказехь шуьйра даьржина хилар гIаттамхошна гIо латтийначарна дуьхьал "терроран" артиклашкахула гIуллакхаш дахар.
XS
SM
MD
LG