ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йу. КIиранан жамIаш


Нохчийчуьра омбудсмен а, "Оьрсийн йукъаралла" а
Нохчийчуьра омбудсмен а, "Оьрсийн йукъаралла" а

"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йаьлла

ТӀаьххьарчу кӀиранах шозза нисйелира "Оьрсийн йукъаралла" Къилбаседа Кавказера бахархошца доьзначу девнаш йуккъехь. Аьрзнаш динехь а, царех цхьа а жоьпе озийна вац.

Доккхачу декъана "йукъараллан" векалша Москварчу Люблинскан паркехь лийцира Нохчийчура кхиазхой, цхьа а бахьана а доцуш. Полисхой а, Оьрсийчоьнан президентехула республикан йуьззина бакъонаш йолчу векалан гӀовс волу Таймасханов Бекхан а тIекхаьчначул тӀаьхьа бен маьрша ца бехира уьш.

Оцу меттехь видео йаьккхира Жанна цIе йолчу, лаьцначарех цхьаьна кхиазхочун гергара зудчо. Цо бахарехь, бераш дIалоьцуш ду аьлла цуьнга хаам бира цуьнан доттагIчо, ткъа цуьнга шаьш бераша телефон тоьхна хиллера. Оцу видео тIехь гуш бу “Оьрсийчоьнан йукъараллин” билгалонашца божарий: царах цхьаммо а камера хьалха дощ ца олу хуьлучех лаьцна кхетош. Лецначу берийн тIехьаьжча 8-12 шераш хир ду.

"Бераш сецочу цхьаммо элира, берриш схьалеца беза, дIахеца мегар дац аьлла. Оха хеттарш дира цаьрга, амма цара кхин башха хIума а ца элира". – дийцира цхьахдолчу беран гергарчу зудчо Таймасханов Бекхане. Цо дIахьедира, “Оьрсийчоьнан йукъараллица” хилла дов “Кадыров Рамзана а, Пачхьалкхан думан депутаташа а, сенаторша а тидаме эцна аьлла”.

Цул тIаьхьа берийн дай-наной полицин декъе бахара, тобанхой низамехь ца леларх кхето а гIиртира – амма эххар а, цигахь хиллачу лецначу берийн дайша-наноша чу арз ца делира.

Нохчийчоьнан Iедалан куьйгакIел йолу "Грозный-Информ" хаамийн гIирсо йаздира, “Москвахь хилларг мехкан векалша” шайн тергоне эцна аьлла.

Масех де даьлча бен хиллачух дош ца элира "Оьрсийн юкъараллин" координаторех цхьаъ волчу Ткачук Андрейс - "синтем боцчу зударша дина питана дара" и элира цо хиллачух.

Мусаева Заремин кхеле ца веана волайнхо

Йехха тийналла лаьттинчул тIаьхьа 55 шо долчу Мусаева Заремин, 2022-чу шарахь кадыровхоша лачкъийна йигинчу оппозиционерийн ненан гIуллакх листа долийна хIинца Шела гIалин кIоштахь. Иза хIинца бехкейо ФСИН-н белхахочунна тIелеттера аьлла. Ткъа волайнхо кхеле ца веана боху, шен могушалла дика йац аьлла. ХIун дина телхина цуьнан могушалла, хууш дац.

КарабогIучу беттан 7-чохь дов хатта буьйлабала дагахь бу ницкъахой, хаамбина «Iазапашна дуьхьал Командин» бакъонашларйархоша. Волайнхочун метта кхеташонехь йистхилира бехкбуьллучийн агIор йолу тутмакх, Мусаева Заремица Устрада-ГIаларчу колонихь хан йаьккхина йолу зуда.

Цо дIахьедира, Зарема девне стаг йац, колонин белхахочуьнца цкъа а конфликте йаьлла йац иза аьлла. МукIарло дечу заманчохь ший а зуда йилхира, дуьйцу бакъонашларйархоша.

Мусаева Зарема маьрша йаккха масех бутт бисинчу хенахь, цуьнан цхьахволчу кӀанта Кадыров Рамзанах лаьцна цхьацца къамел динчул тӀаьхьа, долийра цуьнан хьокъехь керла бехктакхаман гӀуллакх. Официалан версица, колонехь могушалла а телхина, халла бен дӀасалелалуш йоцчу политикан тутмакхо, ша дарбан цӀийне йоьдучу хенахь, ФСИН-ан белхахочунна тӀе а летта, цуьнан вортанах мIараш теснера боху. Зудчо шена дохку бехкаш бакъ ца до.

ХӀинца колонин балхана новкъарло йина аьллачу Iедалан къепехула пхеа шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан йогӀу Мусаева Заремина. Оццул хан тоьхнера цунна дуьххьара а, полисхочунна тӀелатар дина аьлла. Кху бIаьста набахтера арайаккха йезаш йара иза.

Дагадоуьйту, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Мусаева лачкъийра Лаха Новгородера шайн петар чуьра. Дуьххьара 15 дей-буьйсий туьйхира цунна административан артиклехула – цо полисхо сийсазвина аьлла, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллакх долийра, ша лацарах протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла. ТIаьхьо курхаллаш лелорна а цхьаьна бехкейира Мусаева Зарема.

"ШарIан патрул" вовшахтоьхнарг кхеле озийна

ГӀебартойн-Балкхаройн Тырныауз гӀалахь "шарӀан патруль" вовшахтоьхна бохучу Чеченов Асхатан социалан машанашкахь "экстремизме кхайкхамаш" карийна талламхошна. Официалан версица, цу тобанан декъашхоша тIаьхьа а буьйлуш, йалх шарахь бала бохьуш хилла шайн дахаран лелар динца къаьсташ болчу нахе.

ХӀинца 41 шо долчу Чеченовна тӀехь кхел йийр йу кхаа артиклца: экстремистийн йукъаралла кхоллар, цу йукъахь дакъалацар, экстремизме кхайкхамаш бар. Цуьнца цхьаьна бехкевина кхин а цхьаъ «патрулан» декъашхо.

Чеченов Асхат воцург кхин а исс стаг хир ву кхеле хIоттийна: Байзулаев Дамрай, Жашуев Азамат, Званбая Тамаз, Ивечиани Мурман, Карданов Тимур, Лиев Нажмудин, Нахушев Аслан, Рахаев Шемал, Теммоев Зейтун. И гӀуллакх хӀинцале а дIакхачийна Эльбрусан кӀоштан кхеле. Таллам болийначу муьрехь ма-аллара, волайнхой бу боху нах хIиннцалц схьа 14 стаг хиллехь а, хIинца 16 ву уьш, хаамбина чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан республикехула йолчу урхалло.

Хьалхара ладегӀарш дӀадахьа лерина ду мангал-беттан 27-чу дийнахь. Экстремистийн йукъаралла вовшахтоьхначунна чохь такха итт шо гергга хан кхачайо, ткъа цу йукъахь дакъалаьцнехь – ялх шаре гергга хан йо1гу.

Арабаьхна украинхой "Лакхара Ларсехь бу"

50 сов Украинан вахархо ву Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь висина. Уьш латтош бу нейтралан зонера йина йалазчу цхьана гIишлон ларми чохь. Нахана наб йан а, цӀано латто а меттиг бац, бовха кхача кечбан таронаш а йац, лоьрийн гӀо дац кхачош, царах дукхахберш заьӀапхой а, пехийн лазаршца а, ВИЧ-инфекцица а боллушехь. Волонтераша сагатдо, гергарчу хенахь хьал кхин тIе а талхарна.

Тхан редакцина къаьстина, карарчу хенахь ларми чохь 53 гергга стаг хилар – Оьрсийчохь шайна тоьхна хан а йаьккхина, дIахецна нах бу уьш, йа дIалецначу дозанаш тIера лечкъийнарш бу. Уьш берриш а шайн кехаташ дIанисдаллалц латтош бу цигахь, Украино шен бахархошна лерина йукъадаьккхира стохка аьхка и тайпа низам. Оцу балхо дуккха а хан йойъу, хIунда аьлча, бан безаш дуккха а талламаш хиларна.

Лецначех цхьаммо, Рязанан кӀоштара араваьккхинчу Артема тхан корреспонденте ма-дийццара, массара а буьйсанаш йохучу ларми чохь вентиляци йац, меттигаш ца тоарна, рогI-рогIана наб йан дезаш хуьлу уьш.

Волонтераша гӀо до Украинин бахархошна кхачанца. Гергарчу хенахь бӀеннашкахь кхин а керла нах схьакхачаре сатуьйсу цара, хӀунда аьлча карарчу хенахь ханна изоляторшкахь латточу бархI бӀе гергга Украинин вахархочун карахь Оьрсийчуьра депортаци йеш кехаташ ду, дийцира тхуна «Волонтеры Тбилиси» организаци кхоьллинчу Белкина Марияс.

"Ша цхьа хIума хийца ца лахь, 800 стаг Гуьржийчоьнан дозана тIехь нисвала мега, мел хIуъа дийцича а, ларми чохь. Муха нислур ду и, сихо хир а йуй, тхуна ца хаьа, хIара, йа и хир ду а олийла дац тхан. Амма тхуна билггал хууш ду, и тайпа нах буй а, уьш тхуна кхача йиш йолуш буй а". - элира цо.

Тхан редакцино кехаташ дахьийтира Гуьржийчуьрчу Украинин векалте а, оцу мехкан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а, дозанхойн хьукмате а, дозанехь чохь латточу нехан терахь билгалдаккхар доьхуш. Цкъачунна жоьпаш кхаьчна дац тхоьга.

"Лакхара Ларсехула» Украинан бахархой арабахарх лаьцна бакъонашларъярхоша динчу хеттаршна жоьпаш луш, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьянин офисехь хьалхо элира, шаьш кийча ду хуьлуш дерг тидаме эца, нагахь санна, оцу баланехь бахкочу наха шайга дIахьедарш дахь аьлла.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG